Частное профессиональное образовательное учреждение "Колледж современных технологий и медицины"

Дала къобал дойла вай мархнаш!

13.05.2021

Ассаламу Iалайкум!Ма сиха йоьду хан, ма сиха хьийза сахьтан цхьамзанаш, ма едда йоьду зама…Х1инцца дара-кх – Везачу АЛЛАХ1А сийлахьчу МУХЬАММАД Пайхамаран (ДЕЛЕРА салам-маршалла хуьлда цунна) умматна деза совг1ат деш билгалбаьккхина болу Мархийн бутт т1екхечи бохуш вай вовшашка хаза кхаьънаш дохуш. Ткъа тахана, бутт чекхбаьлла, 1ийдан де ду.Х1окху дезачу дийнахь гучудовлу б1ешерашкахь ч1аг1делла исламан башха ламасташ.Дуьзна ду вайн маьждигаш, маьрша ду вахар-вар, берийн самукъане тобанаш ю урамаш дуьзна.ДАЛЛА бу хастам!Массо а шарахь санна дукха мискачу, могушалла дика йоцчу, чуваха х1усам йоцчу нахана г1о ди х1окху баттахь АХЬМАД-ХЬАЬЖИН ц1арах йолчу региональни фондо. Цуьнан куьйгалхочо НЕСИН йо1а АЙМАНИС терго йоцуш ца буьту г1о-накъосталла оьшуш болу нах. И беркате болх д1ахьо вайн республикехь хилла ца 1аш – дозанал арахьа а.ДАЛА диканца бекхам бойла!Лараме Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо АЬХЬМАД-ХЬАЬЖИН РАМЗАН!Лараме НЕСИН йо1 АЙМАНИ!Везачу ДАЛА марханаш къобалдойла! Юха лаца а, даста а онда могушалла лойла!Х1окху безачу баттахь даьхна саг1анаш, йина 1амалаш ДАЛА шен дуьхьа лорийла!Шеран шийтта баттах цхьаъ болу Рамадан беттан марханаш кхобуш, ламазаш, до1анаш деш вай х1ораммо дехнарг - къиношна гечдар, ийман, ислам ваьшкахь а, вешан доьзалшкахь а алсамдаккхар дара.ДАЛА жоп лойла вайн до1анашна!ДАЛА тахана санна адам бертахь долуш, бусалба дин лело парг1ато йолуш, массеран а вовшаца ларам болуш, маьрша яхайойла Нана-Нохчийчоь!

Источник: ЧУ ПО "ЭПК"