Частное профессиональное образовательное учреждение "Колледж современных технологий и медицины"

Нохчийн меттан денца

25.04.2020
Хӏора а шарахь, 25-чу апрелехь, даздеш ду Нохчийн меттан де. И даздаран а, и вайлахь даржоран а ӏалашо ю, вайн тӏекхуьучу кегийрхойн Ненан матте болу безам кхиор а, чӏагӏбар а. Нохчийн меттан де билгалдар шен Указаца 2007-чу шарахь тӏечӏагӏдина Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Ахьмадан Рамзан. Уггар хьалха, Лераме Ахьмадан Рамзан, Хьо декъалво оха Нохчийн меттан дезачу денца! Ахь вайн меттан еш йолу терго, мотт кхиорехь, меттан сий дарехь мел беш болу болх, вайн дерриге а халкъана гуш бу, тхо цуьнан сий-ларам беш а ду. Ахь биначу балхах пайда а баьлла, зорбанехь а, телевиденехь а, радиохь а Нохчийн маттахь йолу куьйгаговзарш, передачаш алсамъевлла, уьш алсамйовларо кегийрхошна таро елла мотт бовза а, карлабаккха а, ӏамо а. Иштта, яздархойн таронаш а алсамъевлла вайн маттахь мехала дош ала а, дӏаяздан а, дӏадаржо а. Вайн Республикан хьалхарчу Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас меттан хьокъехь олуш дара: «Мотт бу - къам ду, мотт бац - къам дац». Цундела тхо тешна ду, нохчийн халкъ мел деха вайн мотт а бехарг хиларх. Нохчийн халкъ а, цуьнца цхьаьна нохчийн мотт а бахийтаран дуьхьа вайн Даймохко ӏаламат боккха мах дӏабелла. Ма йогӏийла хӏокху вайн исбаьхьа хазачу махка буьйцуш, хезаш нохчийн мотт а боцуш зама! Дала декъала дойла вай Нохчийн меттан дезачу денца!
Источник: ЧУ ПО "ЭПК"